Белхазалла

Белхазалла — экономикин жигара бахархой дакъа долу, махкахь болх бан таро а, лаам а болу, амма болх ца каро нах хилар.

2017 шеран хьолера дуьненара белхазаллин тӀегӀа[1].

Болх латтор тӀедожаде! Нагахь шуна ца лахь болх — тӀедожаде бепиг! Нагахь шайна бепиг ца лахь — шешша схьаэца иза!

Гольдман Эммин Манхэттен тӀера Юнион-скверехь 1893 шарахь дина къамел[2]

Дуьненайукъара къинхьегаман кхолламан (ДКъКх) методологица белхаза нах бу болх бан хан йолу, цхьаьна муьрехь бан болх боцу, болх бан таро йолу, иза лоьхуш къахьоьгу, амма иза ца карош берш[3]. Болх лара мегар ду йолах бийриг боцуш, стаго ша шена бина болх а. Дуьненайукъара хаамаш дуьхьалхӀитторхьама, ДКъКх хьоьху болх бан таро йолу нах 15 шо кхаьчнарш бу олий. Амма тӀечӀагӀдо, хӀора мехкан бакъо йу шешша харжа болх бан таро йолчеран хенан дозанаш. Масала, хӀотто тарло йисттера хан.

Россехь белхазаллин тӀегӀанан мах хадоран методика кечйо Росстат. Росстатан официалан документашца, болх бан таро йерш лору 15 шерера 72 шо кхаччалц болу нах[4]. Дешархой, пенсионераш, заӀапхой белхазаллин категорера лору, нагахь уьш болх лохуш белахь а, карийча сихха тӀехитта кийча а белахь.

2020 шарахь Дуьненайукъара къинхьегаман кхолламан хаамашца дуьненахь вагарво 400 миллион белхаза стаг (дуьненан бахархойх 5,26%). Белхазалла цӀеххьана тӀекхетта COVID-19 пандеми бахьнехь. Европарламентан талламан йукъан хаамашца 2018 шеран январь баттахь Европин бертехь уггаре лакхара белхазаллин тӀегӀа йу 25 шо кхачанза кегийрхошна йукъахь Желтойчохь (43%), Испанехь (36%), Италехь (31,5%)[5].

Россехь 2018 шарахь РХА Керланаш талламан жамӀашца белхазаллица долу хьал тайп-тайпана ду, уггаре лакхара белхазаллин индекс Къилбаседа Кавказан регионашкахь, Алтайхь, Тывехь[6] йу.

Историнисйе бӀаьра

Ламаста йукъараллашкахь алапа белхах луш дацара, хӀунда аьлча ахча лелош доцун дера. Адам дехара лаьттан чоьтах, ткъа латта массера а дара, йа цхьанне а дацара. Къинхьегам бекъабалар хаъал дацара. Ахча дагадеинчул тӀаьхьа, йолийра гӀаланаш йан, адам дозуш дара ахчанах, йуург оьцуш йара, шешша кхио йезаш йоллушехь, йа гулйан йезашехь, йа талла дезашехь. Белхазаллин бух йуург а, хӀусам а эца ахчанан хьост долу белхах бозуш бу.

Белхазаллин балин лерина историн хьостийн барам кӀезиг бу, хӀунда аьлча цуьнан тидам ца бина даиман а, массанхьа а. Билгалчу историн муьрехь индустриализацис далийра белхалошкара белхан гӀирсаш дӀабахаре, цуо адаманна шен гӀуллакх лело меттиг кӀезиг битира. Иштта, белхало, цхьаьна бахьнина, балха хӀотта таро йацахь вуьсура белхаза. Хьал кхин а чолхе делира, ша болх бен говзаллин белхалой, масала лоьраш, фермераш, ранчераш, урчакххой, кегийра махлелораш, буьйлабелира къевлина говзаллин цхьаьнакхетарш дан, царна йукъа ца баханчеран, дийзира къиза конкуренцехь болх бан йа белхаза буьсура.

Индустриализаци а, бюрократизаци а чӀагӀйаларца белхазалла экономикин ойланна хилам санна йукъайаха йолайелира. И кхетам хӀоттаболабаларан хьал ган тарло Йоккха Британин масалица, хӀунда аьлча иза дика документашка йерзийна йара. XVI бӀешарахь Ингалсчохь къастам ца бора кхерстанчина а, болх боцучарна а йукъахь, массарех официалан олура гуттаренна сагӀадоьхурш (Sturdy beggar[en]) гора таӀзар дан дезаш а, арабаха безаш а санна болу нах[7]. 1530-гӀа шерашкахь монастыраш дӀакъовларо алсама йаьккхира къелла, хӀунда аьлча монастыраша гӀо дора къечарна. Цул сов, ТюдоргӀеран заманахь бахархой тӀекхийтира, гуонашбаран болх чӀагӀбелира. Белхазачеран ши некъ бисира — меца лелар йа закон дохор.

1535 шарахь араделира белхазаллица къовсам латторехь закон, цуьнца йукъараллин белхаш дора, царна финансаш латтадора санан а, капиталан а налогийн чоьтех. ШолгӀачу шарахь арадаьллачу законно бакъо лора кхерстачарна дегӀан таӀзар дан[8].

Белхаза болчеран чот лелорнисйе бӀаьра

Чот лелоран дуьненайукъара стандарташнисйе бӀаьра

Белхазаллин чот лелоран йукъара стандарташ кечйо Дуьненайукъара къинхьегаман кхолламо[9]. Амма цхьацца мехкийн хила тарло чот лелоран шайн башхаллаш. Масала, ДКъКх могуьйту хенан критереш хийца экономикин жигара бахархой лоруш. Къаьстамаша лагӀбо дуьненайукъара гайтамаш бустар[10].

ДКъКх методикица, белхаза лору къахьега таро йолу хенара стаг (15 шерал воккха)[3], цуьнан:

  • болх хила ца беза цхьаьна заманахь, шен гӀуллакх хила ца деза;
  • болх бан а, шен гӀуллакх лело а таро хила ца йеза;
  • болх лохуш къахьоьгуш а хила веза.

Белхазчу нахана кхин а йукъабоьду:

  • болх лохуш боцуш, амма тӀаьхьуо лахабуьйлабала гӀертарш;
  • Говзаллин кечам беш йа кхин говзалла Ӏамош мукъа боцуш йа гергарчу кхаа баттахь балха баха безаш;
  • Болх бахьнехь кхечу махка дӀакхалха гӀерташ, амма дӀакхалхарх гӀуллакх ца хуьлуш.

Мукъаза категорин йукъабоьлху мехах нахана болх беш йа шеш шайн гӀуллакх деш болу нах. Мукъаза берш а, белхаза берш а белхан ницкъашна йукъара бу (шира цӀе — экономикин жигара бахархой).

ДКъКх хьехар до мукъаза а, белхаза а болчеран мах хадош хеттарш дан, хӀунда аьлча хеттарша таро ло цхьаьна хеннахь а, йукъара методикица а бараман мах хадо. Официалан къобал бина белхазнаш хала ду буста хеттаршкара кхаьчна хаамашца.

Чот Россехьнисйе бӀаьра

Россехь болх бан хьуьнара хиларан доза 15 тӀера 72 шо кхаччалц хан йу. Белхаза бахархойн чот шина хьесапца лелайо:

  • Российн Федерацин къинхьегаман а, социалан Ӏалашдаран а министраллин хаамашца мукъазаллин гӀуллакхе адам эхаран бух тӀехь. ХӀунда аьлча бахархойн ладаме декъан тӀекхета хӀума дац шен белхазаллин регистраци йарах, лерина хаамаш нийса ца хуьлу. Иштта лерина хаамаш зорба туху статистикин гуламашкахь исправкин кепехь[11].
  • мукъазаллин баланаш агӀор бахархой талларан хаамаш, уьш ДКъКх методикица толлу Росстато. 2009 шеран сентябрь кхаччалц иза толлура хӀора кхо бутт массазза бели, ткъа 2009 шеран сентябрехь дуьйна хӀора баттахь толлу. Талламан харжам билгалбаьккхина 0,06 % 15-72 шераш долу бахархойх квартална а, 0,24 % — шарна а. Харжаман бух меттана лелайо бахархой багарбаран материалаш. Йерригроссийн харжаман барам бу 260 эз. гергга ст. (120 эз. гергга хӀусаман бахам), иза хуьлу 0,24% оцу хенара бахархойн барамах. ХӀора кхаа баттахь йерриг Россехь толлу 15-72 шераш долу 65 эз. гергга стаг (30 эз. хӀусаман бахам), йа 0,06% оцу хенара бахархойн барам.
2017 шеран март беттара хьолехь ЕБ мехкашкахь, Исландехь, Норвегехь белхазаллин тӀегӀа (Евростат)

Европин барт (Евростат)нисйе бӀаьра

Евростат ― Европин бертан статистикин урхалла, ― билгалбоху 15 тӀера 74 шо кхаччалц болу белхаза берш, тӀаьхьарчу деа кӀирнах болх лохуш волу, шина кӀирнах балха арабовла кийча берш, иза догӀу ДКъКх стандартаца. Евростато чот лелайо фактехь болчу белхазчеран бараман а, ЕБ мехкашкарчу белхазаллин тӀегӀанна а. Статистикин хаамаш хаа йиш йу Европин бертан мехкашкахь-декъахошкахь а(EU28), ткъа иштта йерриг Еврозонехь а (EA19). Евростато кхин а билгалйоккху йехачу хенахь йолу белхазаллин тӀегӀа а, цигахь билгалбоху ишттачу хьолехь шерал сов болчу белхазачеран барам а[12].

Евростатан хаамийн коьрта хьост ду Европин Бертан белхан ницкъийн талламаш (EU-LFS). Цуо гулбо йерриг пачхьалкхех-декъахойх хаамаш хӀора кварталехь. ХӀора беттан чоьташна лелабо къоман талламаш йа балхахӀотторан бюрон къоман реестраш хӀора кварталан EU-LFS хаамашца. Цхьацца мехкашна, хӀора беттан бертахь мах хадоре кхачо, нийса чот йар, дозу оцу хаамашка кхача йиш хиларе[13].

Белхазаллин тӀегӀанан мах хадорнисйе бӀаьра

иштта: Белхазаллин Ӏаламан тӀегӀа

Белхазаллин тӀегӀанисйе бӀаьра

Белхазаллин тӀегӀанан мах хадабо экономикин агӀор жигара бахархойн йукъара бараман белхазаллин йукъаметтигца. Дукха хьолехь лору проценташкахь. Белхазаллин тӀегӀанан кхин а мах хадо таро йу бахархойн цхьацца тобанашна йукъахь а (белхазалла зударшна, кегийрхошна, йуьртара бахархошна йукъахь).

,

кхузахь — белхазчеран барам; — экономикин жигара бахархойн барам (белхан ницкъийн); — мукъазчеран барам.

Цунна дуьхалара гайтам бу мукъазаллин тӀегӀа, цуьнан мах хадабо мукъазачеран бараманна а, экономикин йукъара жигара бахархойн а йукъаметтигца:

,

кхузахь — белхазачеран барам; — экономикин жигара бахзархойн барам (белхалойн ницкъаш); — мукъазачеран барам.

Белхазачеран а, мукъазачеран а барам цхьаьнатоьхча хуьлу 100%.

Дуьненайукъара къинхьегаман кхолламан хаамашца, 2019 шарахь уггаре лакхара белхазаллин тӀегӀа хилла Къилба Африкехь (28,2%), ткъа уггаре лахара Катарехь (0,1%). Россехь белхазаллин тӀегӀа хилла 4,6%[14].

Белхан ницкъашна йукъахь дакъалацаран тӀегӀанисйе бӀаьра

Белхазаллин тӀегӀанал сов, кхин а мах хадабо белхан ницкъан йукъахь дакъа лацаран тӀегӀанан, цуо гойту, болх беш йа болх лохуш хан йоккхуш, къинхьегаман базаран гӀуллакхехь жигара дакъа лоцу, къахьега хан йолу мехкан бахархойн дакъа[15][16]. Дакъалацаран тӀегӀанан мах хадабо, къахьега хан йолчу бахархойн бараман а, экономикин жигара бахархойн бараман йукъаметтиг санна.

,

Стимул йен белхазалланисйе бӀаьра

Стимул йен белхазалла, болх лучо алап конкурентан базарал лакхара хӀоттадаран, тӀаьхье йу. Эвсаре алапа кхоллало хаамийн асимметрилла бахьнехь. Нагахь белхалойн къинхьегам терго йан ца лахь, тӀаккха болх лучунга йуьззина терго ца йан ло бечу белхийн дикаллин. ТӀаккха лакхара алапа хӀоттор къинхьегаман кхин тӀе стимул хила тарло. Амма алапа айаро кхин тӀе белхазалла йо, хӀунда аьлча болх бан луурш алсама хуьлу вакансийн барамал. Кхин тӀе белхазалла гучайаларо кхуллу къахьега кхин тӀе стимулаш, хӀунда аьлча балхара дӀаваьллачул тӀаьхьа керла белхан меттиг лахаро алсама хан йойу. Стимул йен белхазалла иштта йу базар дика цахиларан тӀаьхье (хаамийн асимметри).

Ӏаламан белхазаллин тӀегӀанан мах хадорнисйе бӀаьра

Белхазаллин Ӏаламан тӀегӀа — иза структурин а, фрикцин а[17], кхин стимулан а белхазалла йолуш, циклан белхазалла йоцу экономикин хьал ду. Ӏаламан белхазаллин тӀегӀа специфика йолуш йу хӀора экономикина, йозу йехачу хенан экономикин нийсаллин башхаллех, цуьнца хилар ларйен инфляцин тӀегӀа кхочу цуьнан йолуш йолчу тӀегӀане. Инфляцин а, белхазаллин а тӀегӀанаш йазар гайта гӀортар ду Филлипсан гомасиз. Амма дуьххьала дӀа гомасиз шуьйрачу хенан гуранчохь Фридманан а, Филлипсан а барамашкахь хилар харц деш ду. Цара чӀагӀдарехь инфляцин тӀегӀа йозу коьртаниг ахчанан массех, ткъа белхазаллин тӀегӀа шен рогӀехь гӀерта Ӏаламан белхазаллин тӀегӀане.

Нагахь белхазаллин тӀегӀа Ӏаламан тӀегӀа санна йелахь, тӀаккха дуьйцу экономикера «йуьззина мукъазаллех» лаьцна. Белхазалла оцу меттигехь ноль йац, амма цуьнан Ӏаламан амал хиларна пачхьалкхо Ӏаткъам барна доккха доза тоьхна ду.

Белхазаллин кхераман страхованинисйе бӀаьра

Экономика агӀор кхиина мехкаша белхазаллин кхераман страховани йеш пачхьалкхан политика лелайо.

Гражданийн гӀоьнна къаьмнийн системийн бух тӀехь лаьтта соцӀалашдаран иштта механизмаш, масала, тӀедиллина социалан страховани а, гӀодар а.

Хьалхарчу меттигехь страховой пособин барам буста мегар ду страховка йинчунан алапе хьаьжжина, ткъа иза даларан мур хуьлу мукъазаллин муьран бохалле хьаьжжина. ШолгӀаниг — белхазчунна пособи ло, барам буста мегар ду вахаваларан минимумца.

Белхаза гражданийн социалан гӀоьнан къоман системаш ший а механизм лело таро а йу (масала, Австри, Швеци, Бельги, Итали, Германи, Франци), царех цхьаъ бен ца лело а мега (Желтойчоь а, Португали а — йеккъ страховани, Украина — деккъа пособи).

Белхах ваьлларх доьзна страховани, тӀейиллина йу дукхаха болчу малхбузаевропин мехкийн законашца. Данехь, Швецехь, Финляндехь лелайо шен лааман-факультативан страховани, цуьнан бух хуьлу болх лучун а, говзбертан а йукъарчу бертах боьзна[18].Россехь страховой компанеш жигара кхиайо болх баран кхерамаллин коммерцин страховани[19].2008—2009 шерашкахь экономикин къоьлла йолуш хьийжира, Россехь болх байна меттиг хилахь а тӀейиллина страховани (болх лучунан чоьтах йа бюджетера) йукъайаккхарх лаьцна, кховдамашка, амма уьш кхочуш ца бира[20].

Кегийрхошна йукъара белхазалланисйе бӀаьра

2018 шарахь бина талламашца, уггаре лахара кегийрхошна йукъара белхазаллин тӀегӀа йу Австрехь а, Германехь а, уггаре лакхара — Желтойчохь а, Испанехь а. Евробартехь белхазаллин амал гойтуш лелабо ши гайтам: «кегийрхошна йукъара белхазаллин тӀегӀа а, «NEET rate» а, цуо гойту доьшуш а, балхахь а боцу къона нехан дакъа. Белхазаллин лакхара тӀегӀа йина лору къинхьегаман базар луьра шина декъе йекъна хиларо — 15-24 шо долчеран мукъазалла, 25 шо а, сов а долчеран мукъазалла. Оцу шина категорина, балха оьцуш, хуьлу къинхьегаман контрактан къаьстина кепаш. Хорватехь, Швецехь, Германехь, Польшехь, Испанехь, Португалехь, Словенехь, Францехь ханна контракташца болх бен къона нах, болх бечу кегийрхойн эханнал сов хуьлу. 25 шерал баккхийчара ханна долчу контракташца болх дуккха а кӀезиг бо[21].

Хьажа кхин анисйе бӀаьра

  • Оукенан закон
  • Белхазаллица болу къовсам
  • Къоьлла
  • NAIRU
  • Белхазаллин йолу тӀегӀа
  • Билламаза коьрта са

Билгалдахаршнисйе бӀаьра

  1. Unemployment rate. Our World in Data. ТӀекхочу дата: 7 мартехь 2020. Архивировано 2 августехь 2020 года.
  2. The outlaw bible of American literature — Google Книги. ТӀекхочу дата: 2 октябрехь 2017. Архивировано 27 ноябрехь 2018 года.
  3. 1 2 Unemployment rate. Международная организация труда. ТӀекхочу дата: 14 апрелехь 2020. Архивировано 13 июлехь 2020 года.
  4. Методологические положения по проведению выборочных обследований населения по проблемам занятости. Росстат. ТӀекхочу дата: 14 апрелехь 2020. Архивировано 2 июнехь 2020 года.
  5. В Европарламенте назвали страны ЕС с наиболее высоким уровнем безработицы среди молодёжи. russian.rt.com (20 майхь 2018). ТӀекхочу дата: 7 декабрехь 2018. Архивировано 9 декабрехь 2018 года.
  6. Названы регионы с самым низким и высоким уровнями безработицы. ria.ru (10 сентябрехь 2018). ТӀекхочу дата: 7 декабрехь 2018. Архивировано 18 январехь 2021 года.
  7. Sturdy Beggars. Probertencyclopaedia.com. ТӀекхочу дата: 17 июлехь 2011. Архивировано 26 августехь 2011 года.
  8. Poor Tudors. Localhistories.org. ТӀекхочу дата: 26 июлехь 2011. Архивировано 26 августехь 2011 года.
  9. International Labour Organization Bureau of Statistics Measurement of employment, unemployment and underemployment — Current international standards and issues in their application Архивйина 2011-09-24(Date mismatch) — Wayback Machine
  10. International Unemployment Rates: How Comparable are They? Bureau of Labor Statistics (14 апрелехь 2020). ТӀекхочу дата: 26 июлехь 2011. Архивировано 28 июнехь 2011 года.
  11. Труд и занятость в России. 2007: Стат.сб. Архивйина 2011-11-21 — Wayback Machine / Росстат. — M., 2007.
  12. Marco Giugni, ed. The Contentious Politics of Unemployment in Europe: Welfare States and Political Opportunities(Palgrave Macmillan; 2011) covers Britain, France, Germany, Italy, Sweden, and Switzerland.
  13. European Commission, Eurostat. ТӀекхочу дата: 5 ноябрехь 2009. Архивировано из оригинала 26 ноябрехь 2009 года.
  14. Уровень безработицы в процентах от численности экономически активного населения. Всемирный Банк (14 апрелехь 2020). ТӀекхочу дата: 14 апрелехь 2020. Архивировано 1 июлехь 2019 года.
  15. [https://www.ilo.org/wcmsp5/groups/public/---dgreports/---stat/documents/publication/wcms_501601.pdf Уровень участия всоставе рабочей силы]. Международная организация труда (14 апрелехь 2020). ТӀекхочу дата: 14 апрелехь 2020. Архивировано 31 октябрехь 2020 года.
  16. Уровень участия в рабочей силе. Росстат (14 апрелехь 2020). ТӀекхочу дата: 14 апрелехь 2020. Архивировано 21 августехь 2019 года.
  17. Кеп:Книга:Макконнелл К. Р.: Экономикс
  18. Роик, Валентин, 2012, с. 178.
  19. Кадыкова, Марина. Не по собственному желанию. «Московские новости» (12 апрелехь 2012). — Сегодня все большую популярность приобретает страхование на случай потери работы. Страховщики продвигают этот продукт в основном через банки, предлагая его заемщикам. Впрочем, застраховаться на случай непредвиденных сокращений или ликвидации компания можно и не имея кредитных обязательств. ТӀекхочу дата: 24 апрелехь 2014. Архивировано 24 апрелехь 2014 года.
  20. Бюджет не потянет страхование от потери работы всех уволенных в кризис. «Финанс.» (27 февралехь 2008). — Губернатор Кемеровской области Аман Тулеев и председатель областного Совета народных депутатов Николай Шатилов направили в правительство, Госдуму и Совет Федерации предложение принять федеральный закон о введении обязательной системы страхования на случай потери работы. ТӀекхочу дата: 25 августехь 2008. Архивировано 24 апрелехь 2014 года.
  21. Безработица среди молодежи в Европе. Архивировано 25 октябрехь 2020 года.

Литературанисйе бӀаьра

  • Безработица // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Валентин Роик. Экономика, финансы и право социального страхования. Институты и страховые механизмы. — М.: Альпина Паблишер, 2012. — 258 с. — ISBN 978-5-9614-1961-0.
  • Рифкин Дж. The End of Work: The Decline of the Global Work-force and the Dawn of the Post-market Era[en]. — N. Y.: G. P. Putnam's Sons[en], 1995. — XVIII, 350 p. — ISBN 0-87477-779-8.
  • Joens C. Macroeocnomics(ингалс.). — W. W. Norton & Company, 2014. — 640 p. — ISBN 978-0393923902.

Хьажоргашнисйе бӀаьра

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «безработица»
🔥 Top keywords: Коьрта агӀоАнгкор-ВатМодуль:Arguments.neЦийн Халкъан РеспубликаХӀиндонезиАламеда-де-ла-СаграПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаВальядолидIPhone 15 ProВикипеди:ГӀоЕвропаАхмадов, Муса МагомедовичДжилизаГӀирс:Керла нисдаршКларксвилл (Теннесси)IPhone 15Кеп:Мобилан гӀирсРоверетоПуэрто-РеальВикипеди:Цуьнах лаьцнаАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташБарбадосБелоруссиСент-МогӀ-де-ТугӀен (коммуна)Википеди:ФорумКов:Карара хилларш.ggМиннеаполисАлександри (Виргини)ПлевнонГӀирс:ЛахарАнхельПлоьмоьгӀ-ГотьеВикипеди:Йукъараллин ковАмазонка1528 шоПхьидарчийСанта-Фе (Нью-Мексико)Альбалат-де-ла-РибераКеп:Мобилан гӀирс/docИспаниВен кхиэлВикипедиИсламЛатинан АмерикаВикипеди:File Upload WizardВашингтон (гуо, Орегон)Шеран заманашБерни (Техас)Нохчийн моттОсегӀЛейкгерст (Нью-Джерси)Хангошвили ХасоӨзбек тылСен-Никола-дуь-ПелемMediaWikiВевона (Калифорни)БезамЮма (Аризона)Гарсиа Маркес, ГабриэльВатиканАквилеяЛатвиФорт-Ли (Нью-Джерси)Макколл (Айдахо)Рождествон гӀайре (Кирибати)Кеп:Байракх/ГвинейНохчийчоьВеллетриРумыниЛивиАрхимед(2102) ТанталКеп:Байракх/МалавиКъилбаседа МакедониШвециЛинцКламат (гуо, Орегон)Тейтум (Нью-Мексико)ЗольмсКоперник, НиколайКеп:Байракх/АнголаАвстриКеп:Байракх/БангладешГоссен, Герман ГенрихЛуко-деи-МарсиКеп:Байракх/МадагаскарКъонахаллаКаменка (Плюссан кӀошт)ПортугалиЛоуренс-Брэкстон, ДженисУмханов, Шарип ИсаевичШвейцариВикипеди:Жоьпалла тӀецалацарIOS 17Зе-Вудлендс (Техас)АлбуфейраВикипеди:Элпнашца гайтар